Join the Community:
  • tweetter
  • mail

Семинар-практикум

Capacity building Event

01/02/2024 11:25 - 11:25

Global | Грозный | Институт чеченского языка

Lecture

Languages: Chechen

2023-чу шеран гӀуран беттан 19-чу дийнахь, Нохчийн меттан институтан дешаран-методикин кхачойаран центран Ӏилманан белхалоша дӀайаьхьира «Регионан талламан белхашна кечамбаран башхаллаш» цӀе йолу рогӀера семинар-практикум. Семинаран Ӏалашо йара йуьхьанцарчу ишколан нохчийн меттан хьехархошна методически гӀo-накъосталла дар.

Семинаре кхайкхина бара Соьлжа-ГӀалин, Хьалха-Мартан, ТӀехьа- Мартан, Грозненски, Веданан муниципальни кӀоштийн Дешаран урхаллийн

РТБ-н координаторш а, 4-чу классийн нохчийн меттан хьехархой а.

Семинаран декъашхошка, маршаллин дош олуш, вистхилира Нохчийн меттан институтан директор Овхадов Рукъманан Муса. Цо билгалдаьккхира йуьхьанцарчу классашкахь нохчийн меттан Регионан талламан белхаш йукъабалоро оцу классашкахь хьоьхуш болчу хьехархоша а, дешархоша а цхьаьна бечу белхан эвсаралла лакхайаккха йезаш хилар.